День чеченского языка в МБДОУ №2 "Солнышко"
21.04.201625- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду.Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.
Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.
Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а, оьзда г1иллакхаш а.
Нохчийн мотт
1алашо: вайн мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.
Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:
Гимн Чеченской Республики
Бераш:
Дуьнен чу адамаш кхуллуш,
Массарна щен-шен мотт бела.
Царна юккъехь массарел хьоме
Сунна сайн нена мотт бела.
К1оргера и бийца воьлча,
Хьо цуьнга ладег1а х1оьттича,
Хьан дагна и безабелча,
Хаалахь хьо нохчо вуй.
1-ра ведущи:
25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду.Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.
2-г1а ведущи:
Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.
Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а, оьзда г1иллакхаш а.
1-ра ведущи:
Дуккха а ю нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царах цхьаъ ю шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьтуш, «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворенеш д1айоьшар ю вайна,вай бераша .
Стихотворенеш: «НЕНАН МОТТ»
2-г1а ведущи:
Ненан мотт ца безачунна, шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо, ненан сий а лардийр дац. Цунах лаьцна ч1ог1а дика аьлла Саидов Билала шен «Ненан мотт» стихотворенехь.
Ненан мотт Хьайн ненан мотт хаахь, Дозалла ас до хьох, Даггара и безахь, Ас хастам бо хьуна.
Цунах ма херлолахь, Доттаг1а, варийлахь, Ненан мотт хьайн бацахь, Байлахь вуй хаалахь!
Хьо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Г1ехь беза мухь бу хьо. 1-ра ведущи: Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:
Хьешашка – оьзда,
Доттаг1чуьнга – мерза,
Мостаг1чуьнга – буьрса,
Захалонна – хаза,
Масла1атана – к1еда,
Берашка – эсала.
Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.
Ладог1а цу тайпачу нахана йог1уш йолчу Ш.Арсанукаевн «Ненан мотт» иллега.
Ненан Мотт Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Мерза бу моз санна ша безачунна Ламанан шовданал ц1ена бу и. 2-г1а ведущи:Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. XIX-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара иштта аьлла вайн маттах лаьцна:
« Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргара аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».
1-ра ведущи:
Ткъа вайна массарна а везаш а, вевзаш а волчу оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн маттах лаьцна: « Нохчийн мотт угаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
Х1инца вайн жовх1арш шейн хелхар гойтур ду.
Самукъне миноташ: Забарийн суьрташ.
2-г1а ведущи:
Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц, уьш шен халкъана ямарт хиллачарех лаьтта кхераме дог1маш ду. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма- хиллара, баьрче баккха беза вай.
Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.
1-ра ведущи:
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли
Декара, дог хьостуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли
Илли: «Даймохк».
2-г1а ведущи:
Бекалахь, ненан мотт, ца хедаш, ца соцуш.
Хьайн хазчу мукъамца тхан дегнаш делош!
Бекалахь, ненан мотт, тхан деган мерз хилий.
Бакъонца, машарца даха ницкъ луш!
Илии: «Нохчийчоь»
1адика йойла! Дала декъала дойла вай массо!